Публикации
ПКЭ. Кхачам
Всероссийский сборник статей и публикаций института развития образования, повышения квалификации и переподготовки.
Скачать публикацию
Язык издания: русский
Периодичность: ежедневно
Вид издания: сборник
Версия издания: электронное сетевое
Публикация: ПКЭ. Кхачам
Автор: Хидаева Барет Ханмирзаевна
Периодичность: ежедневно
Вид издания: сборник
Версия издания: электронное сетевое
Публикация: ПКЭ. Кхачам
Автор: Хидаева Барет Ханмирзаевна
Нохчийн мотт 9 класс 41-г1а урокУрокан ц1е: Кхачам (нийса а, лач а)Урокан тайпа: хаарш, говзалла кхиоран урок.Урокан г1ирсаш: т1едилларан кехаташ, учебник, дожарийн таблица, «Ас д1алур ю ПКЭ».Предметни Нийса а, лач а кхачамаш предложенера схьакаро а, вовшех къасто а хаар.ЛичностниТема 1аморехь шовкъ кхиор, ненан матте безам кхиорМетапредметни:Регулятивни: Урокан хьесапаш, шардаршна т1едилларш кхочушдан ша дечу г1уллакхан план х1оттор Познавательни: Кхачамаш бовзар Коммуникативни:Керла хаамаш лаха а, гулдан а, тобанашкахь(шишшама цхьана) болх бан а хаар1алашо: Кхачамех нийса кхетам балар. Нийса а, лач а кхачамаш предложенера схьакаро а, вовшех къасто а хаар. Дозуш долу къамел кхиор. Кхочушдан лерина жам1аш: Дешархошна 1емар ду кхачамаш вовшах къасто, билгалбаха. Урок д1аяхьар.1.Ойла т1еерзор. (мотиваци)Таханлера х1ара урок сайна хазахетачу кицанан т1ера д1айолор ю .Аш цуьнан ойла йойла, леррина сайга ладуг1ийла лаам бу. Цхьана стеган карахь полла хилла, шина куьйган юккъе и полла а биллина, т1евахана кхечуьнга хаьттина цо: "Сан карахь болу полла белла бу я дийна бу?" Цунна дагахь цо дийна бу алахь ша х1ара буьйр бу, белла бу алахь дийна д1ахоьцур бу. Хаттаре ладоьг1начу хьекъалдас аьлла: " Дерриге хьан карахь ду". Оцу хьекъал долчу стага ма- аллара шун дахар х1оранна а шен карахь ду, аш тахана дика дешахь шу сирла кхане хир ю. 2. Ц1ера болх таллар. Ц1ахь х1иттийна предложенеш дешархошка д1аешийтар, грамматически а, логически (маь1нин)а подлежащеш билгалдахар.3.Кхаа дешархочо уьна т1ехь кехаташца болх бар: 1 кехатДадина гатанан коч ийцира.-синтаксически талла.2 кехат1.Чолхе дешнаш схьайазде:Догц1ена, д1аэлира, кхоллам,зудабер, къам,ненайиша,адам, ламаро,къам.3 кехат1.Суффиксан г1оьнца кхолладелла дешнаш схьайазде:зудабер, къам,ненайиша, адам, ламаро,къам,дешар, лам, ненахо, дикалла, сацам.3. Дика, к1езиг, т1аьхьа, денло, парг1ато, нийсо, толам бохучу дешнашна барта йалайе антонимаш; хаза, накъост, сиха, кхор –синонимаш. 3. Керла тема хьехар. Кхачамаш карлабахарКхачам стенах олу? - Нийса кхачам муьлхачу дожарехь хуьлу? - Лач кхачам муьлхачу дожаршкахь хуьлу? 1) Куьйгалхочо меттах1иттош ю юьртбахаман а, промышленни а предприятеш(н.кх.). 2) Нанас к1антана жима буьрка ийцира.Сада1аран минот.4. 1амийнарг т1еч1аг1дар.1) Шишшама цхьана болх бар:Бешарчу туьрко заза даьккхинера.Шоферо гали машен т1е диллира.Дешархоша яздархочуьнга хьошалг1а кхайкхира. 2) Дешархошка шайгга болх байтар.Шардар № 12, аг1о 15.1. 1-3 предложенешкара чолхе дош схьаязде:____________________________________________________________2. 5-6 предложенешкара т1едерзар схьаязде:_______________________________________________________________3. 14 -чу предложенера грамматически лард схьаязъе:______________________________________________________________________4. 6-чу предложенера къастам схьаязбе:____________________________________________________________________5. 9-чу предложенера дешт1аьхье схьаязъе:_____________________________________________________________________ 5. Кимашца болх:Масех вариантехь 14 -г1а заданеш кхочушйойту. (8-10 в.)Вариант 12.4-9 1ряд.10-14 2-3 ряд.4. Къамел кхиор.(хан йисахь)Жима йозанан болх: Пондар дика локху бохург к1езиг дара 1елин говзаллех аьлла. Хеталора, 1елин карахь пондар денло, цунна чохь дерриг вайн халкъан дог, са а ду, аьлла. Къинхьегамхойн дог-ойла, цара ловш болу бала - и дерриг а схьадуьйцура пондаро.Пондаран эшаре ладуг1уш болчу нахана хеталора шаьш парг1атоно а, нийсоно а толам баьккхинчу дуьнена девлча санна. (М. Юнусов)Хаттарш:1) 1елин говзаллех к1еззиг х1ун дара аьлла?2) Х1ун схьадуьйцура пондаро?3) Пондаран эшаре ладуг1уш болчу нахана х1ун хеталора?- Текст юкъара чолхе дош схьакъастаде.- говзаллех - схьадаьлла ц1ердош - говза-лл-а - суффиксан г1оьнца керла лексичеки маь1на кхоьллина.7. Жам1 дар.- Стенах олу кхачам?Маса декъе бекъало кхачам? 8. Рефлекси.-Х1ун кхиамаш бехи аша? Х1ун керланиг хии шуна? 9. Ц1ахь бан болх балар.Шайггара 6-7 предложени х1оттае, кхачамаш билгалбаха.1 кехатДадина гатанан коч ийцира.-синтаксически талла.2 кехат1.Чолхе дешнаш схьаязде:Догц1ена, д1аэлира, кхоллам,зудабер, къам,ненайиша,адам, ламаро,къам.3 кехат1.Суффиксан г1оьнца кхолладелла дешнаш схьаязде:зудабер, къам,ненайиша, адам, ламаро,къам,дешар, лам, ненахо, дикалла, сацам.Шардар № 12, аг1о 15.1. 1-3 предложенешкара чолхе дош схьаязде:____________________________________________________________2. 5-6 предложенешкара т1едерзар схьаязде:_______________________________________________________________3. 14 -чу предложенера грамматически лард схьаязъе:______________________________________________________________________4. 6-чу предложенера къастам схьаязбе:____________________________________________________________________5. 9-чу предложенера дешт1аьхье схьаязъе:Шардар № 12, аг1о 15.1. 1-3 предложенешкара чолхе дош схьаязде:____________________________________________________________2. 5-6 предложенешкара т1едерзар схьаязде:_______________________________________________________________3. 14 -чу предложенера грамматически лард схьаязъе:______________________________________________________________________4. 6-чу предложенера къастам схьаязбе:____________________________________________________________________5. 9-чу предложенера дешт1аьхье схьаязъе:_____________________________________________________________________Шардар № 12, аг1о 15.1. 1-3 предложенешкара чолхе дош схьаязде:____________________________________________________________2. 5-6 предложенешкара т1едерзар схьаязде:_______________________________________________________________3. 14 -чу предложенера грамматически лард схьаязъе:______________________________________________________________________4. 6-чу предложенера къастам схьаязбе:____________________________________________________________________5. 9-чу предложенера дешт1аьхье схьаязъе:_____________________________________________________________________Бешарчу туьрко заза даьккхинера.Шоферо гали машен т1е диллира.Дешархоша яздархочуьнга хьошалг1а кхайкхира.